Берзалошца бакъонаш ца лоьру уьш йойъучара, амма уьш шек а бац! Тхан маршо гура а лаьцна - даш детта тхуна тIе, шек дIа а боцуш. Ткъа берзан бакъо яц гIиллакхех хада, гарехь, Iамийна тхо кIезеш долуш, Ненан шурийца цхьаьна - мегаш дац дозанах хада, бохуш. Таллархой берзалой йойъуш бу, теба уьш берзалошна, теба кIезешна. Маьхьарий хьоькху, уьш гура лоьхкуш, жIалеш лета, лайла цIий Iена. Вайн когаш, мочхаллаш онда ю. Алахьа, тхан баьчча, алахьа, Вай стенна уьду даьндаргашна дуьхьал, Iазапах ларлучу меттана? ХIан-хIа, дац берзана яда мегаш! ХIан, кхачош ю сан зама а - Со шена йоьгIначо тIехьажий суна шен топ. Таллархой берзалой йойъуш бу, теба уьш берзалошна, теба кIезешна. Маьхьарий хьоькху уьш гура лоьхкуш, жIалеш лета, лайла цIий Iена. Къаръяла лерина со а ма яций - гонера йолу ара, Ткъа хеза тIехьашха цецдевллачу цу адамийн мохь. Ког мел болу уьду бертий, амма хIинццалц лелларг дац. Гобина таллархой хьийза, ас-м ца кхачийти царна со. Таллархой берзалой йойъуш бу, теба уьш берзалошна, теба кIезешна. Маьхьарий хьоькху уьш гура лоьхкуш, жIалеш лета, лайла цIий Iена.                        
© Лоьма Чабаев. Translation, 2013